Кадыровга видеокхайкхам бина зуда емалйина гергарчара
ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь и зуда кхетамчура ю аьлла.
Шен юьхь а хьулйина цхьана зудчо видеокхайкхам бинера Кадыровга а, цуьнан нене а, Нохчийчохь лечкъийна болчу кегийрхойн да-наношка а.
Шен къамелехь цо дехар дира республикан куьйгалхочуьнга кегийрхой Iадбита аьлла, ткъа Кадырова Аймане дийхира Iаткъам бе цунна аьлла. Ша аьлча, видеон авторо дагаваийтира стохка дуьйна карош воцу йишлакхархо Бакаев Зелим. Иза шен нене дIало бохуш яра къамелдийриг.