Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Шен даймахкахь доцург дош дац

Вайнехан автономи метта хIоттийначу шарахь …


Шайн махках бохийна 13 шо даьккхина вайнах Юккъерчу Азера цIаберзош арахецна омра.


"Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республика Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан декъехь меттахIотторах" Социализман Советийн Республикийн Цхьаьнакхетараллан Президиуман Омра


Нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна къомаллехь кхиа оьшу хьелаш кхолла йолчу Iалашонца Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташоно сацам бо:


1.Нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман автономи меттахIотто эшар тIечIагIдан.


2. Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташонан Президиумна магадо:


а) Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республика Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан декъехь меттах1оттор листар;


б) Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республикан дозанаш а, административан-территорин хIоттам къастор а;


в) Социализман Советийн Автономин Республикан Лакхара Кхеташо харжжалц республикан территори т1ехь бахамаллин а, синбахамалла кхиоран а декхарш шена тIе а дохкуш, Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республикан Вовшахтохаран Кхеташо тIечIагIъяр.


3. Ницкъ боцуш лара 1944 шеран 7 мартехь Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташонан Президиуман "Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республика йохорах а, цуьнан территорин административан хIоттамах а" долчу Омрин а, 1956 шеран 16 июнехь нохчашна а, гIалгIашна а шаьш хьалха баьхначу меттигашка юхабахка доьхкуш хиллачу Омрин 2-г1а дакъа а.


Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташонан Президиуман Куьйгалхо – (Ворошилов К.)


Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташонан Президиуман Г1уллакхлелорхо – (Горкин А.)


Москва, Кремл, 1957 шо, 9 январь, № 149/14".


                     10-15% вайнах севцира Азехь


Оьрсийн историко Бугай Николайс далочу тоьшаллаша гайтарехь, дукхахболу депортанташ хьийсийна хилла Казахстане, ГIиргIазойчу (239 768 нохчо а, 78 470 гIалгIа а). 1948 шеран Лахьан-беттан 26-чу дийнахь арахецначу Социализман Советийн Республикийн Цхьаьнакхетараллан Президиуман Омрано нохчийн а, гIалгIайн а, кхечу къаьмнийн а депортаци "даиманенна" статусца чIагIйина хилла.


1953 шарахь, Сталин вллачул тIаьхьа, Iедало махкахбаьхначийн бакъонаш мелла а аттачу яьхна шен омранашца. Кхо шо даьлча Компартино къаьмнаш дохор Сталинна бехке а деш,  сацамбина автономеш меттахIитто езаш хиларх лаьцна. Ша омра арахецна цул тIаьхьа кхо бутт баьлча.


1957 шеран бIаьста меттахIоттийначу "Нохч-ГIалгIайчу" юхавеана 140 эзар стаг. Ткъа оцу дерриг шерачохь цIавирзинарг хилла 200 000 гергга. Дийна болчу вайнахах, даймахка берзанза Юккъерчу Азехь баха севцца, 1970 шеран статистика схьаэцча, 10 процент нохчий, 15 процент гIалгIай.


1991 шеран Охан-беттан 26-чу дийнахь арадаьлла Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан "Репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярах" омра.


Амма вайнаха ца лору реабилитаци юьззина чекхъяьккхина. Казахстанера, ГIиргIазойчуьра цIабирзинчу нехан ахча а луш дезна шайн хIусамаш царна чохь баха дIатарбеллачу кхечу къаьмнийн векалшкара схьаэца, дукха нах бисина иза дан ца луш. Я Советан а, я цуьнан бакъонаш шега дIаэцначу Оьрсийчоьнан Iедало а ца даьхна къаьмнаш-депортанташ шайна къинтIера.


                     Депортацехь ваьхначун тоьшалла


Мохк метта а хIоттийна шаьш цIадахкийтар иштта дагалоьцу хIетахь хьовха, юха тахана а шен даймахкахь ваха яздина воцчу Францерчу гIойтIахочо, ша цIахь волуш нохчийн меттан хьехархо лаьттинчу Ибрагимов Iабдурахьмана.


«Сан цу хенахь 6 шо хилли, и маршо яьлча. Даймохк беза бохург дан а дац, и дош хьахийча, Дала декъалбойла уьш, сан денана а, цуьнан нана а - Келипат яра сан денана, Гуьмса яра цуьнан ненан цIе – бIаьргех хиш охьадуьйлалора церан. Церан Iуналлехь, безамехь хьалакхиина дара тхо, тхайн ден-ненан пхи бер. Цаьргара кхоллабеллера тхоьгахь а даймахке безам.


И безам цкъа а дIабаьлла а бац. Хаза зама яра-кх иза. Суна дагадогIу цхьа хIума. БIогIамашна тIехь кедаш кхозура, цхьа жимчу ханна керланаш дуьйцуш. Цхьана дийнахь Дими Iумара пондар локхуш хезна ву со. Буьйцуш хазар боцург, и пондар цкъа а хезна а вац со. Цо тIетеIочу пиллагашкара схьадолу аз даймехкан аз ду бохуш, лаьттина со. Тхан дай а, наной а боьлхуш дагадогIу суна.


Кхано цIадирзича суна и пондар лекхна стаг а вевзира. Цо хийла ден бIаьргара ледош хиш дайна ву со. Къурдаш деш божарий, зударий боьлхуш байна суна. Делан дуьхьа яра и цIадохуьйту аьлла кхаъ кхаьчна хан вуно хаза хан».


Казахстанера цIабирзинчу ИбрагимовгIеран ахча а делла юхаэца дезна чохь бехачу оьрсашкара шайх шаьш дитина хилла ков-керт.


«9-гIа шо доладеллера сан 1958 шеран гурахь тхо цIадогIуш. Тхо даьхначу хIусамехь, кертахь гIазакхий бара. ДIабаха дагахь а бацара уьш. Тхо цIадахкале ши шо хьалха тхаьш Казахстанехь лелийна москалш дIайоьхкина, 800 сом дара тхан дас IаIийна. Хала балийца, и ахча а делла, и тхайн хIусамаш ийцира оха. Нах вуно хала, таро а йоцуш, шайн хIусамаш оьцуш, цаэцалкрг хьоьгуш зама яра-кх иза а».


Я Советан Iедало а, я Оьрсийчоьнан президенташа а шен къоман дог эцна дацаро дитина дегабаам а балхийра Ибрагимов Iабдурахьмана.


«Цхьана дас аьлла хезна дац суна вайн къоме цунна тIехь лелийначунна къинтIера дала олуш. Ахча лур дуй, кхидерг дийр дуй-м газеташ тIехь алар доцург, гина хIума а дац. Тхан цIийнах бохийна дуккха а баккхийнах а, зударий хилла – цаьрга-м ца аьлла.


… Поэт Сулаев Мохьмад сан дешича вара, ринжа а доцуш яра тхан керташ цуьнца. Цуьнан дешнаш хIетахь а дара вайн къоманна мехала. Иштта яздинера цо: Мел ирсе хетарх а, иза ирс ма дац шен даймахкахь доцург». I937-чу шарахь шен да а, оьзалш а, «кулакаш» а бина, Бакох дIахьажийначех вара  Мохьмад. Тахана ас а боху-кх изза: даймахкахь доцург цхьа а дош дац-кх».


                                            . . .


 Нохчийчоь, аьлча а, хIетахь шех "Нохч-ГIалгIайчоь" олу республика меттахIоттор тахана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а хьахийна шен Твиттерехь.


Оьрсийн маттахь цо яздо: "Ас декъалдо шу нохчийн къоман пачхьалкхалла меттахIоттийначу денца! 1957 шеран Дечкен-беттан 9-чохь арадаьлла хилла Сталина низам а дохош ечу депортацех долу омра. Дала хIоранна а кхачадойла шена доггIург!"



Загрузка...

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net