Шен спортхой Пхёнчанехь йир йолчу Олимпиаде бахийта дагахь ю Къилбаседа Корей
Хьалхо хаам бинера Къилбаседа Корей шен куьцара канкеш хахкархой бахийта дагахь ю Олимпиаде аьлла.
Шина Корейна къахь дийцарш дIадахьарна гIортор йина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Ткъа Пентагоно дIахьедар дина, кхушеран юьххьехь Къилба Корейца цхьаьна хила дезаш хилла тIеман Iамораш тIаьхьататтеттина шаьш аьлла.
XIII Iаьнан Олимпийн ловзарш хир ду Чиллан-беттан 9-25 деношкахь Къилба Корейн Пхёнчхан гIалахь.