Мачаликашвилин доьзало хаьржинчу немцойн клиникица дийцарш доло кийча бу гуьржий
Цул хьалха гуьржийн могушаллан министралло Туркойчу вигитар дехнера Мачаликашвилин гергарчаьрга, амма уьш реза ца хилира, боху министраллан векалша. Шинарин дийнахь Мачаликашвилин дас-нанас дехар дина, хьем а ца беш, шайн кIант дарба леладан Берлинерчу клинике дIакхачавахьара аьлла.
Паьнгазахь полицин операци дIахьош герз тоьхка чевнаш йина волчу кIентан дас Мачаликашвили Малхаза хаам бина гуьржийн журналисташка, Берлинехь йолчу клиникех цхьаъ кийча ю цуьнан кIант дарба лелон муьлххачу а хенахь а тIеэца.