11 элана кхел йир ю СаIудийн пачхьалкхехь
СаIудийн инарлан прокуроро ал-Моджиб Сауда дIахьедар дина, цхьана а махкачуьнан бакъо яц низамо бохучул тIехвала аьлла.
ДIадахнчу кIиранах, еарин дийнахь, СаIудийн Iаьрбийчохь паччахьийн доьзалашкара 11 кIант лаьцнера, пачхьалкхан бюджетера паччахьийн доьзалашна хьежо ахчанаш совцор ду аьлла Iедало бинчу сацамна дуьхьалбовларна.
Стохка Мангал-баттахь коррупцица къийсам дIахьош СаIудийн пачхьалкхехь лецира иттаннаш паччахьан доьзалшкара эланаш.