ГIажарийчоьнан парламенто дийца долийна бахархой протесташка бийларан бахьанаш
ISNA информацин агенталло хаамбо, сессехь дакъалаца безаш хиларх ГIажарийчоьнан талламан урхаллан куьйгалхо а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр а, пачхьалкхан кхерамзаллан Кхеташонан урхалхо а.
Иштта листира цигахь акцешкахь лецна, набахтехь латточийн хьолах а, царна гIо кхачоран депутатийн реформистийн лаамех а.
Пачхьалкхан зорбанаша Iедална дуьхьал йолийначу акцех хаамаш Iорабахар сацийнехь а, Исламан революцин хадархоша а демонстрацеш хIиттош яц бахахь а, Маршо Радионе бакъ хаамаш кхочура, шоьтадийнахь а ГIажарийчоьнан 9 гIаличохь, ТехIеранехь а цхьана, гуламхой лаьттара аьлла.
Социалан машанашкахь яьржачу видеошкахь а гуш дара, майданахь гулбелла полисхой боллушехь, акцешкахь лаьтта нах.