ЭрдогIан: Евроберта юкъа оьцу я ца оьцу?
Йист йоцуш ладийгIина девр дац шаьш аьлла, дIахьедина туркойн лидеро. 54 шо хьалха, 1963-чу шарахь Европехьа дуьххьара гIулчаш яьхна шаьш, "шаьш а, къам а гIелделла сатийсина" аьлла президента.
Юьззина бакъонаш йолчу пачхьалкхан статус ца лахь а, мегар дара Евроберто партнер санна тIеэца аьлла, шен дог-ойла къадийна Францин президенто Макрона Туркойчоьнан президнентаца цхьанакхетарехь.
"2016-чу шарахь махкахь Iедал карчо гIоьртинчул тIаьхьа, адамийн маршонаш лакъо гIиртинчу пачхьалкхан дехарца прогресс гойла дац аьлла хета Макронна.
Шина а пачхьалкхан лидерша къамелаш дира Елисейн майданахь хIоттийначу пресс-конференцехь.
Брюсселан а, Хонкаран а юкъаметтигаш шелъелла стохка, цхьайолчу Европан пачхьалкхийн лидерша оцу мехкашкахь бехачу туркойн юкъаралхошлахь харжамийн агитаци яр дихкинчул тIаьхьа.