Гуьржийчохь митингаш ю гIажаройн президентна дуьхьал
Дин лелорехь новкъарлонаш йора шайна цигарчу Iедало, оцу бахьанашца махках довла дийзира шайн аьлла корреспонденте гулбеллачарех цхьаболчара.
Акцин декъашхочо Руста Iелас дийцина, набахте хьажор ву бохуш, шена кхерамаш тийсарх, нагахь керстан динера ша юха ца валахь. Цундела веана Руста Гуьржийчу, маьршша "килсе лела".
Протестхошна хетарехь, президенто дарж шен лаамехь ца дитахь, цIий Iана кхерам бу оцу махкахь.
Маршо Радионо дийцира, байначу беттан 28-чу дийнахь дуьйна меттигерчу Iедална дуьхьал йолийначу протесташкахь лаххара а велларг 20 стаг хиларх. Цхьа полисхо а ву царлахь. Шоьтадийнахь 450 вахархо лаьцна урамашкахь.
Юьхьанца сурсатийн мехаш лакхадарна резабоцуш арабевллехь а бахархой, тIаьхьо маьршша дIахьедира цара шаьш Iедална дуьхьал хилар.