Къилба Корейн лидерна жоп делла Iамеркан президенто Трампа
"Мацалло гIелдинчу, якхдинчу хьелашкахь къам латточунна" Твиттерерчу шен агIон тIехь Трампа хьоьху, Ын Чен Киме дIахаийтар, Iамеркан президентан а зарратан нуьйда хиларх. Цул совнах, иза цуьнчул а йоккха а, нуьцкъула а, болх беш а хиларх а.
Керлачу шарца шен декъалдарехь, Къилба Корейн президенто дIахьединера, 2017-чу шарахь къоман зарратан ницкъаш кхоьллина шаьш довларх. "Сан белхан стоьла тIехь зарратан нуьйда ю", - аьллера Ын Чен Кима.
Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Iамерко шаьш Къилба Корейна тоьхна санкцеш дIашорйира.
Цунна тIаьххье, ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно а дозанаш туьйхира Пхеньянна, цара баллистикан ракета зерна.