Карелехь 20 шо доккхур ду Немцов верна бехкевинчо
Кху аьхка Москохарчу тIеман кхело 20 шо хан туьйхира Дадаевна, иштта ваьккхира иза лейтенантан даржах а, Къонахаллин мидалх а. Немцов верна цуьнца декъехь хиллачарна 11 шарера 19 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийра.
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь доккхачу Москворецкан тIай тIехь вийра политик Немцов Борис.
Талламчаша чIагIдарца, цхьамма 15 миллион мах лур бу а аьлла, вен кхайкхийнера Немцов. Оцу зуламна тIехьа лаьттарг "Север" батальонан хилла машенлелорхо Мухудинов Руслан ву аьллера. Ткъа политикан гергарчарна оццу батальонан хилла эпсар Геремеев Руслан ву аьлла хета Немцов Борис вейтарна бехке.