Шемарчу нохчийн эскархошна Керлачу шеран совгIаташ декъна
Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъоша куп тоьхначу Шеман гIаланашкахь а, кIошташкахь а хилира Нохчийчуьра кхаьчна "десант".
Mylistory пена тIехь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хаамбинера, керлачу шеран совгIаташ доцург а, махкарчу дешархоша эскархошка яздина кехаташ а дIасадекъна, аьлла.
Даймахкана генахь бакъонца, нийсонца шайн декхарш кхочушдечу бIаьхойн дог ира-карахIотторца яздина ду и кехаташ, дуьйцу Кадыровс.