Трампа керлачу шарца декъалбина шен доттагIий а, мостагIий а, "фейкан зорбанаш" а
Доккхачу декъанна, журналисташа яздо харжамашна кечамаш бечу хенахь Трампан Москохца уьйраш хилла бохуш. Ткъа Трампа журналисташа фейкан хаамаш баржабо аьлла, тIе ца дуьту.
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь уггар а коьрта лоручу CNN телеканалах негативе дуьйцу Трампа.
"Дуьнене бакъдерг ца кхачадо цара", - аьлла, яздина Трмпа Твиттерехь.
2014-чу шарахь президентан кампани йолаеллачул тIаьхьа дуьйнна демократин хаамийн гIирсашца конфликтехь ву президент. Демократин партин яьстинчу сервершкара информаци Iораяьккхинера хIетахь.
Оцу документашкахь дуьйцура, партин куьйгалло демократца Сандерс Берница болчу къийсамехь Клинтон Хиларигахьа узу а бохуш, харцо лелийна хиларх. Ткъа Трампа харжамашкахь толам баьккхинчул тIаьхьа зорбанаша жигара яьккхира шайн критика.
Дуккхаъчу медиаша дуьйцура, Оьрсийчоь харжамийн кампанина юкъагIортаран бахьанашца тоьлла Трамп, бохуш.
Масийттазза дIахьедира ша Трмп Донлада, Кремлца шен а. шен штабан а уьйраш хилла цахиларх.
Иштта Москохо а тIе ца дуьту шаьш юкъара хилар.