Герзхоша лачкъийна хилла 7 стаг дIахецна Нохчийчохь
И нах тIеман баркзакъ доьхна хиллачу наха дIабигнера Дикаев Зелимхан цIе йолчу стеган хIусамера, яздо "Кавказский узело". Мемориало дийцарехь, Дикаев а вара лачкъийначу нахана юкъахь.
Ткъа хIинца хиъна и 7 стаг ГIура-беттан 18-чохь дIахецна хилар, хаам бина "Мемориало". Уьш латтош хилла къайлахчу набахтехь, боху бакъонашларъярхоша.