Оьрсийчоьнан С-400 ракетийн комплексаш оьцуш ю туркоша
Комплексаш дIакхачор йолуш ю Туркойчу 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь. НАТО юкъаозийна а йоцуш, туркоша йина йолу уггаре а йоккха контракт ю иза.
Оьрсийчоь а, Туркойчоь а и мах беш бертаяхаро синтем байина НАТО-на юкъахь. Туркойчоь декъашхо ю Къилбаседа Аталантикан тIеман альянсан. Пентагоно билгалдаьккхина Оьрсийчоьно С-400 йогIуш яц НАТО-н кепашца аьлла.
Шен агIор Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа жоп делла, къоман кхерамазалла ларъян оьшуш долу герз эца бакъо ю шайн аьлла.