Туркойчуьра веанчу кхаа нохчочунна коронавирусан ун даьлла
"ХIинца жоьпе хьоьжуш ду тхо, цул тIаьхьа 100 процентца тешам боллуш ала даьхьар ду тхо республикехь коронавирус хиларх", - аьла, дийцина Сулеймановс.
Цхьа дей-буьйсий даьлча кийча хир ду тестийн жамIаш. Министро чIагIдо, цомгаш бу аьлла, шеконаш йолчу нехан контакт мел хилларг а тестех чекхваьккхина шаьш, царна яц аьлла гойту.
Хьалхо могушаллин министралло бакъ ца бира, республикехь вирус кхетта стаг къаьстина аьлла, социалан машанашкахула баьржина хаам.