ПIаьнказахь полицица тасадаларш хилла нохчийн
Нохчийн Дуиси эвларчу бахархоша станцеш яхка билгалъяьккхинчу меттигна блок тоьхнера. Полицина а, протестхошна а юкъахь тасадаларш хиллера, бахархоша тIулгаш, чхьонкарш, йогучу кочаллех дуьзна шишанаш тIелестадора, ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министралло резинан хIоьънаш а, бIаьргаш Iовжон газ а хецнера дуьхьал.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Гергий кхаьчначул тIаьхьа ситуаци жимма лахъелира. Журналисташка дIахьедора цхьаболчу бахархоша, нохчийн ярташ хи доцуш юьтур ю ток йоккхучу станцеша, цундела ГЭС ца юьллуьйтуш, шаьш дала реза ду бохуш.