Бусалбанашца къийсам латтийначу немцойн политико тIеэцна ислам
ХIинца цо дIатесна шен хьалха хилла ойланаш. Цунах лаьцна, Tagesspiegel газетана тIе а тевжаш, хаам бо «Вашингтон пост» газето.
Вагнер вара «Германина алтернатива» партин шира декъашхо. Иза юкъахь вара цу партин керстанийн ганна. Журналисташца къамел деш политико, иза шен гIуллакх ду аьлла, ца дийцина ша бусалба дин тIеэцаран бахьанаш. Цo харц дина ислам дине валар бахьана долуш ша партера дIаваьккхира бохург.