"ГIалгIайн девнера" цхьаъ - Саутиева Зарифа - цIахь латтор йолуш араяьккхина изоляторера
Кисловодскан кхело ша Ессентуки гIалахь дов хоттучу нахах цхьаъ – Саутиева Зарифа - лаьцначуьра дIахецна, цIахь латточу хьесапе яьккхина. "Шаьш динчу дехаран ларамбаро цецбаьхна адвокаташ а, ша Зарифа а. Иза дикачу хьолехь ю, хиллачух ша а ца теша", - элира Кавказ.Реалиига адвоката Дзугаев Билана. Кхечу адвоката, Куриев Жабраила, дийцира Кавказ.Реалиига, Саутиева Зарифа лаьцна латторан кеп хийцар доьхуш, шаьша иза дуьйзира иза изоляторе хьажош лелла хьелаш хийцадаларца, аьлла. "Дов доьдуш вуно боккха болх бина... Читать дальше...