Мы в Telegram
Добавить новость
Другие новости Дагестанских Огней и Дагестана на этот час
Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"Талибан" - радикалийн хьогам. ОвхIанистанерчу хьоло тIеIаткъам бийр буй Кавказана?

Олигархаша а, коррукцино а къам къоьлле кхачийначу муьрехь тоьлла "ТIалибан" – иштта ойла лела ОвхIанистанера сурт тергалдечу нехан цхьана декъехь (Оьрсийчоьно терроризман а лоруш, йихкина ю "ТIалибан"). ОвхIанистанан дозанца йолчу Юккъерчу Азин пачхьалкхашкахь а, ша Оьрсийчохь а хьал чолхене мел долу а алссам кегийрхой ойланаш лаьттар ю "джихIадехь тоьллачу", хIинца Iедалехь чIагIлуш йолчу "Талибанехьа", аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелаш динчу эксперташна.

"Исламан пачхьалкхца а, "Кавказ Имаратца" а (ший а организаци ю Оьрсийчохь терроран лоруш, йихкина – ред.), гIаттамхойн тобанех хIоттаелла "ТIалибан" ю ша толам баккхале а Москвахь официалан тIегIанехь тIеэцна а, шеца бертан къамелаш дан торучех лоруш а.

"ТIалибаша Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ юьхьIаьржа хIоттор дуьйцуш, Оьрсийчоьнан телеэкранехула хазахетарца хазош дерг Америке дIакхочур дац. Америкахошна хуур а дац Оьрсийчуьрчу "патриоташна" муха го хилларг – цундела царна бен-башха а дац юьстахара къамелаш. Амма вуно дика дIахеза и дерриг а Оьрсийчуьрчу бусалбанашна – Кавказехь а, Идал-хица а. Кхеташ ду, радикалан исламан меттиг чIагIлуш ю церан бIаьргаш чохь", - яздо политолога Галлямов Iаббаса.

Путинан некъо диканиг гайтина а доцчу хьелашкахь, синкхетаман кризис хIоьттинчу кху муьрехь, ткъа Къилбаседа Кавказан республикаш стагнаце кхаьчна Iачу карарчу хенахь бусалба кегийрхой ларамца хьежа тарло "ТIалибанан" агIор.

Пропагандин тIаьхьало

"ТIалибанах" кхуллу туьйранаш даздала тарло, массех шо хьалха "Исламан пачхьалкхах" кхуллуш хилларш санна, аьлла хета "ТIалибан" дика евзачу Оьрсийчуьрчу политологна Серенко Андрейна.

 

"ТIалибанан" толамо" радикалан тIегIане кхачайо Оьрсийчуьрчу кегийрхойн цхьана декъан ойланаш, къаьсттина айбелла и кхетам Юккъерчу Азехь, цигарчу кегийрхошлахь яржайолалуш ю юха а джихIадан хIоттамах йолу ойланаш.

"ТIалибанан" васт цхьаъ ду ОвхIанистанехь, амма кхин ду юьстахарчу пачхьалкхашкахь. И васт шуьйрра даржа тарлуш ду, вирусан кепехь", – билгалдаьккхира Серенкос.

"ТIалибанан" васт хир дац тIалибийн политикан болам ма-барра гойтуш, ша лела хаза туьйра хир ду цунах. ДАIИШехьа хилла кегийрхой-радикалаш хIинца толам баьккхинчу "ТIалибанехьа" хир бу.

"Эрна ца элира цхьа шо ах шо хьалха "Ал-Къаидан" шайхаша (Оьрсийчохь, терроризман а лоруш, йихкина организаци - ред.), "ТIалибан" джихIадан толаман кеп ю. Къийсам бехха латтор бу, амма тоьлур ала дац, ткъа уьш тоьлла. "ТIалибанах" долу туьйра цо ша даржийна ца Iаш, даржадо "Ал-Къаидан" пропагандо а, ду уьш даржош кхучу меттигашкахь а санна, Оьрсийчохь а", – боху Серенкос.

Эксперта бахарехь, оцу толамо хаъал акхаяьхна ойланаш Юккъерчу Азехь – рицкъ тоъал доцчу, нах къен бехачу, меттигера олигархаш "деши чохь луьйчучу", ОвхIанистанах терачу мехкашкахь.

 

"Баьччин Дустуман, президентан ГIанин исбаьхьачу, бахамах йоьттинчу гIопашкахь яьхна, яьржинчу видеоша дукха нах боху джихIадан агIор, нийсонан охIланаш санна го царна тIалибаш – цара олигархаш дIабаьхна, лаьхкина махкара коррупционераш. ТIалибийн толам – иза кхаьънаш оьцучарна, халкъ мисалле кхачийначу къуйшна тIехь баьккхина толам бу", – дагардо политолога наханна шайн бIаьргашца гург.

Къилбаседа Кавказехь, ерриг Оьрсийчохь а гIоьртина лаьтта социалан-экономикан хьал, амма Юккъерчу Азин республикашца буьстича, Оьрсийчуьра политикан хIоттам никъ болуш бу шеца, боху эксперта.

"Оьрсийчуьрчу ницкъхоша радикалан структурашна дуьхьал дIакхоьхьу барамаш эвсаре бу, изза ала догIу Нохчийчуьрчу Кадыровх лаьцна а. "ТIалибанехьа" бусалба кегийрхойн дегнаш латтарх а, кхерам бац Оьрсийчохь хьал эрчадаларна. Амма тIалибашкахьа йолу и ойла чIагIлуш лаьттар ю Оьрсийчуьрчу полицин, коррупционерийн-хьолахойн шогалла ловш болчу мигранташлахь а, Iедал цадезачаралахь а. Цундела тIалибаша гайтина масал хир ду радикализм марсайоккхуш", – элира Серенко Андрейс.

Шемин метта ОвхIанистан?

Кремлца уьйрахь йолчу "Спутник" агенталло а, Симоньян Маргарита коьрта редактор йолчу Russia Today телеканало а деношкахь дуьйцура тIалибаш ДАIИШца а, " Кавказ Имаратца" а юкъарлонашкахь ю, бохуш.

Социалан машанашкахь иттаннаша декъалбина тIалибаш толам баккхарца оьрсийн маттахь хIитточу посташкахь, царалахь бу Кхарачой-Чергазийчуьра, ГIалгIайчуьра, Нохчийчуьра, Дагестанера, Адыгейра, ГIирмера, Идал-хица дехачу къаьмнех болу нах.

Официалан тIегIанашкарчу нехан биста кхаччалц ду тIалибаш къобалбийраш – Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан гIуллакхийн хьехамча Шахидов Адам, масала. Цо юьхьанца "красавчикаш" ("тоьлла кIентий") бу, яздира тIалибех лаьцна, бохура уьш "матуридиташ а, и хьанафиташ" а бу, Оьрсийчоьно уьш ца лору кхераме, беза хьеший бина тIеоьцур бу, бохура.

 

"ТIалибано" толам баккхар зене ду, цо Оьрсийчуьра бусалба кегийрхой радикализаце кхачор бу аьлла ца хета цхьаболчу эксперташна. Къилбаседа Кавказан исламан талламийн центран директорна Гереев Русланна гарехь, ОвхIанистанехь тIалибаш толаро ца бо тIеIаткъам Кавказерчу хьоланна. Ишта ца нисдалийта бан беза кегийрхошца кхетош-кхиоран болх, дин довзар кIаргдан деза, пачхьалкханна, динашна а юкъара уьйраш тоян еза, боху цо. И болх Оьрсийчу балха богIучу мигранташца а бан беза, цунна хетарехь.

"Оьрсийчоь кийча ю муьлххачу а регионах шена оьшург дIадовзийта. ОвхIанистанца долчу дозанах а хьакхало иза. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "ТIалибан" къобал ца йинехь а, зIе кхаба еза цуьнца, кхин Iедал ОвхIанистанехь цахиларе терра. Кхерамзаллах лаьцна ду ас бохург уггаре хьалха", - элира Гереевс.

Хьал кхечу агIор дерза а тарло - "ТIалибанан" толамо джихIадах йолу ойланаш есторал совнах, сахьт дац Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу луларчу пачхьалкхашкара радикалаш ОвхIанистане дIахьалха а.

1990-чу шерашкахь ша Iедале кхаьчча, дIахьедира "ТIалибано", ша "бакъйолу бусалба пачхьалкх" дIахIоттош ю, "къоман Iалашонаш" кхочуш йо, "дуьнентIерачу бусалба вежарийн аьтто бан дагахь ю", аьлла. ХIетахь Оьрсийчуьрчу радикалаша кхойкхура бусалбанаш ОвхIанистане хьижрат дан (дIакхалха), дIаоьхура дийнна доьзалш.

1999-чу шарахь Идал-хина гонахарчу къаьмнийн векалша "ТIалибанан" могIаршкахь кхоьллира шайх лаьтта " Булгар Джамаат" тоба, гIезалой, башкираш боцуш, дагестанхой а, гIебартой а, оьрсий а бара цуьнан могIаршкахь. 2009-чу шарахь тIмеашкахь вийра оцу джамаIатан амирех цхьаъ –Дагестанские Огни гIалара схьаваьлла ал-Дагестани Iиса. ОвхIанистанехь тIеман опреаци йолаелча лийцира тобан цхьаболу лидерш, Гуантанамо набахте кхачийра уьш.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Из морского порта Архангельск по Севморпути вновь отправится субсидированный каботажный рейс



Здоровье

Токсиколог Кутушов рассказал почему возникает похмелье




Українські новини

Магазин дверей і підлогового покриття Albero: якісна продукція для кожного клієнта



Новости 24 часа

Российские ученые первыми создали средство, способное вылечить болезнь Бехтерева



Game News

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Дагестанские Огни

14 апреля 2024 года состоится слёт отличников учёбы Южного Дагестана



News Every Day

Ramon Cardenas aims to cement his contender status agains Jesus Ramirez Rubio tonight



Происшествия

Суд не стал менять приговор экс-главе наркоконтроля Свердловской области



Дагестанские Огни

Жители Дагогней пожаловались на проблемы от затопленных улиц



Певица

Певица Анастасия Стоцкая появилась на публике в откровенном наряде



Дагестанские Огни

Дагестан. В Дербенте прошел семинар-совещание, посвящённый предстоящим выборам Президента



WTA

Вторая ракетка Казахстана опустилась в чемпионской гонке WTA



Махачкала

Педагог из Махачкалы стал лауреатом конкурса Российского футбольного союза



Бизнес

Бизнес-астролог Александра Секачева дала интервью журналу “Фокус внимания”



Симферополь

Барнаульцы смогут оформить в ВТБ ипотеку на жилье в Крыму



Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии



Дагестан

Глава Дагестана назвал операцию на ноге причиной своего отсутствия



Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Дагестанских Огней — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Дагестанских Огней или других населённых пунктов Дагестана мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Дагестанских Огнях можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа в Дагестанских Огнях и Дагестане






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Дагестанских Огней и Дагестана. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Дагестанских Огней — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в Дагестане
Дагестан

Федор Кушнарев: «В споре я победил Чубайса»





Путин в Дагестане
Дагестан

Федор Кушнарев: «В споре я победил Чубайса»


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск не исключает попыток оппозиции оторвать часть территории Белоруссии в пользу НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в Дагестане


Здоровье в Дагестане


Частные объявления в Дагестанских Огнях, в Дагестане и в России






Загрузка...

Загрузка...



Песня

Вывод Песни, Альбома, Клипа в ТОП Музыкальных Чартов – iTunes, Apple Music, Youtube Music, Яндекс.Музыка, ВК и Boom, Spotify.



Дагестанские Огни

В Дагестанских Огнях подвели итоги конкурса

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net