Дагестанера зуда бехкейо даIишна ахча латторна
Дагестанские огни гIалин яхархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна махкарчу Талламан комитето, цо гIаттамхошна гIо латтийна аьлла. "2014-чу шарахь 30 шо долчу оцу жимчу зудчо, некъ гойтуш хьалхабевлла нах а болуш, низамаш дохош, Шеман дозан хадийна хилла. Цигахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн организацехь лаьттина иза", - дIахьедо Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Ишта билгалдоккху, шеконашка эцначу зудчо даIишхошлахь болчийн гергарчаьрца а, церан бевза-безачаьрца а зIенаш тесна... Читать дальше...