ХIирийн а, гIалгIайн а берашна дихкина Iедало школехь доьшучу муьрехь телефонош лело
Министро дийцарехь, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Белгород-мехкан массо а школашкахь бина и тайпа сацам.
Оьрсийчоьнан кхин а цхьайолчу регионашкахь доьхку школашкахь гаджеташ лелор.
«Шайга хеттарш динчу нахах кхаа декъо боху, берашна а санна, педагогашна а дехка деза белхан муьрехь телефонашна чухьежа – суна а хета иза иштта», - боху Васильевас.