ПЭН-центро Гериев маьршаваккхар тIедожийна
Москохарчу бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь дахначу кхааридийнахь "2012 - 2018-чу а шерашкахь дешан маршо луьра йохош хиларх" язйинчу рапортан презентаци дIаяьхьира дукха хан йоццуш кхоьллинчу "Ассоциация ПЭН-центр-Москва" организацино вовшахтоьхна. Рапортан чулацам бовзийтира организацин президенто Архангельский Александра а, директоро Ажгихина Надеждас а, ассоциацин кхечу декъашхоша а.
ДIахьедар вовшахтухуш бинчу талламехь дакъалецира Дуьненаюкъерчу PEN- центро а, "Маьрша дош" ассоциацино а, Петарбухарчу ПЕН-центро а. Оьрсийчохь дешан маршо къуьйлуш хиларх дуьйцуш, масална хьахийра Гериевн кхоллам.
"Антикоррупцин протесташкахь стохка бIаьста дIалаьцна 14 журналист. Административан гIуда а хьарчош, бовлийтина уьш кхелах. Ткъа Гериев Жалавдина 3 шо хан тоьхна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкала а вуллуш", дIахьедо ПЭН-центро.
Бух боцуш дара аьлла бакъонашларъярхоша Гериевна дуьхьал айдина хилла гIуллакх.