Нохчийчуьра полисхо Агуев Рустам: къизаллаш, кхерамаш, тIом
![Нохчийчуьра полисхо Агуев Рустам: къизаллаш, кхерамаш, тIом](https://gdb.rferl.org/01000000-0aff-0242-676f-08dbc98a49eb_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Доьналлин орденца» совгIат дина республикерчу Курчлойн кIоштан полицин декъан куьйгалхочунна Агуев Рустамна. И Оьрсийчоьнан МВД-н дакъа 2022-чу шеран заздоккху-баттахь дуьйна адамийн бакъонаш хьешарна Американ санкцийн тептарехь ду. Кавказ.Реалии сайтан хаамашца, Агуев ша дакъа лаьцна ву Нохчийчоьнан бахархошна тIехь таIзар деш.