Берийн бошмашкахь меттигаш цатоарехь хьалхарчу меттехь йу Нохчийчоь - Росстат
Нохчийчуьра берийн бошмашкахь 100 меттигна 123 бер догIу. Цу гайтамаша Оьрсийчохь уггаре хьалхарчу меттиге йоккху Нохчийчоь. Иштта ду Росстат-о 2022-чу шарахь схьакхайкхина терахь.
Йерриге Оьрсийчоь схьалоцуш, лерича, берийн бошмашкахь 100 меттигна 97 бер нислуш хуьлу. Рейтингехь иттолгIа меттиг Дагестанна кхочу (100 меттигна 104 бер), йуккъерчу гайтамел цхьажимма лакхара кхевдина йогIу Адыгея (103), ГIалгIайчохь, Кхарача - Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь (100), Ростов-махкахь, ГIебарта- Балкхарчохь, Ставрополан-махкахь (98).
Чукоткехь уггаре кIезга лела бераш бошмашка ( 100 меттигна 74 бер), Магадан-махкахь (77), ГIалмакхойн махкахь (78). Уггаре хьалхара меттиг массийтта шарчохь Нохчийчоьнехь йу.
Нохчийчоьнан Iедалхоша сих-сиха дIахьедарш до коьртачу социалан, экономикан хьелийн хьокъехь. Иштта, зазадоккху-беттан 13-хь Кремлехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыровс Путине дийцира, Нохчийчоьно дIадаханчу шарахь хьалхара меттигш баьхна дукха "пачхьалкхан программаш кхиамца кхочушйарехь а, "Дешар", " ГIишлош, гIалин дахар", "Экологи", рейтингехь а, бохуш. Амма ца дийцира Кадыров Рамзана, стохка Нохчийчоь белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш а лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, адамийн таронаш ледара хиларах а лаьцна.
Дагестанерчу Гумбет кIоштарчу Ингиши йуьртахь а, Цумадин кIоштарчу Агвали йуьртахь а зераш деш йу Дагестанера прокуратура. Хьалхо йерриге Оьрсийчоьнан хьалкъан фондан меттигерчу декъехь хаам хилира цу ишколашкахь долчу вочу хьолах.
Махачкаларчу Ленинск кIоштарчу кхело бехке лерира лерринчу берийн бешарчу 5 шо долчу, кхиарехь шатайпалла долчу берана хьехархочо йеттарна. Цунна 10 эзар сом гIуда туьйхира.