Хорватехь иттанаш нохчий дIалецна
![Хорватехь иттанаш нохчий дIалецна](https://gdb.rferl.org/00240000-0aff-0242-f03f-08dac4c7fea4_tv_w800_h450.jpg)
Иттанаш Нохчийчоьнан бахархой дIалецна Хорватехь, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь". Оьрсийчуьра дIа а бахана, Хорватихула Европерчу кхечу пачхьалкхашкахь бехачу шайн гергарчарна а, бевзачарна а тIекхача гIерта 50 гергга мухIажарш бу буьйцурш.