Гергара стаг вийна ша аьлла, Iедална тIевеана Карабулакера вахархо
![Гергара стаг вийна ша аьлла, Iедална тIевеана Карабулакера вахархо](https://gdb.rferl.org/4C33257A-0071-4E11-8588-1D670F6C0364_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Карабулакерчу полицин декъе вахна, шен гергара стаг вийна ша аьлла, мукIарло дина меттигерчу 66 шо долчу вахархочо, хаамбо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша. Карарчу беттан 22-чу дийнахь хилла ду зулам. Кхин дагахь хIума а доцуш, цIеххьана шаьшинна юкъахь дов иккхича вийра ша иза аьлла тIевеанчо.
ТIепаза вайначу 53 шо долчу Карабулакерчу вахархочун дакъа карийра полисхошна Юккъера-Ачалкхерчу Оскановн урамерчу цхьана цIа чохь. Бехкечунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна.