Къаьсттина дукха протесташ лаьттина Оьрсийчохь кху шарахь
![Къаьсттина дукха протесташ лаьттина Оьрсийчохь кху шарахь](https://gdb.rferl.org/3025137F-6A35-476B-BA83-0C3624EF763F_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Карарчу шарахь Оьрсийчохь 1443 протестан акци дIаяьхьна. ХIора кварталехь оьрсийн протестан жигараллана тIехь терго латточу социалан-къинхьегаман бакъонийн Центро Iорадаьхна цу кепара зераш. Кху шеран протестийн, акцийн, пикетийн терахь тIаьххьарчу масех шарахь хиллачул а рекорде ду аьлла, билгалдаьккхина Центро.
Ишта къастийна социологаша, кху аьхкенан Товбеца-баттера Гезгмашин-батте кхаччалц къаьсттина лакхадаьлла хилар протестийн терахь. Бахархой дуьхьалбевллера Москварчу думе оппозицин кандидаташ ца битарна а, Шиесехь нехийн полигон ярна а, тIаьхьий-хьалхий лоьраш дIабахарна а.
Оцу юкъанна, Центро билгалдаьккхина, Оьрсийчуьрчу шина регионехь протестан жигаралла уггар а лахара хилар, - Нохчийчохь а, Чукоткехь а.