2 бутт кхаьчна бер делла Москохара Соьлж-ГIала догIучу кемантIехь
![2 бутт кхаьчна бер делла Москохара Соьлж-ГIала догIучу кемантIехь](https://gdb.rferl.org/8C6F2DA8-0939-4D4C-83DE-3CD442903965_w800_h450.jpg)
Москохара Соьлж-ГIала догIучу кеман охьахаа дезна Волгоградерчу аэропортехь, цу тIехь 2 бутт кхаьчна бер далар бахьана долуш.
Зорбанан гIирсаша яздарехь, 2 бутт болу йоI сихонца дIакхачиййна хилла дарбанан цIийне, амма реанимацин мероприятеш йина лоьраш гIорасиз хилла иза кIелхьаръяккха.
Болчу хаамца, дуьненчу еза цамгарца даьллачух тера ду и бер. И бахьана долуш делла хила мега иза кемантIехь