Iалам карзахдала тарло Нохчийчохь
![Iалам карзахдала тарло Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/B01C7F04-CE8B-4205-B449-11FDBD34C5F4_w800_h450.jpg)
Даккхийн догIанаш даро а, онда мох хьакхаро а зенаш дан мегаш ду аьлла, варе бина Нохчийчуьра бахархой меттигерчу Орцаллин министраллан белхахоша.
Цара дийцарехь, Iалам карзахдаларан кхерам буьсуш бу тахана а кхана а. Оцу юкъанна мох хьакхаран чехкалла хила мега наггахь 23 метр секундехь.
Болчу хаамца, тоькан серий хедарна электросерло йоцуш йиса мегаш ю цхьайолу меттигаш.