ДIаваха, ша юхавогIур ву а аьлла. Порошенкос баркалла олу шен агIончашна
Украинан президентан харжамийн шолгIачу турехь эшначу президента Порошенко Петрос баркаллица дош элира карарчу беттан 22-чохь Киеверчу шен администрацина уллохь гулбеллачу шен агIончашка. Ишта дош делла цо, гурахь хинболчу парламентан харжамашкахь шен партис толам боккхур бу, ша юха а вогIур ву аьлла.