Нохчийн яздархо Яшуркаев Султан кхелхина
Вевзаш волу ночхийн яздархо а, поэт а Яшуркаев Султан кхелхина яхначу буса. Иза лазар токхуш хилла тIаьхьарчу кIиранашкахь.
1942-чу шарахь Веданан кIоштарчу Харачой юьртахь вина вара Яшуркаев Султан. Соьлжа-гIаларчу университетехь филологин, Москохарчу университетехь юридикан факультеташ чекхъяьхнера цо.
Нохчийн литературехь уггаре а вевзачех яздархо вара Яшуркаев. Цуьнан дийцарш а, эссеш а, байташ а арайийлинера нохчийн а, оьрсийн а, немцойн а, францхойн, полшхойн а меттанашкахь.
Шуьйрачу ешархошна Яшуркаев гIаравелира цо 2000-чу шарахь Москохарчу "Грааль" зорбантехь шен "Гергашна тIехь кховраш" цIе йолу киншка арахецча. Нохчийчурчу тIамах шен хилла тидамаш а, цу тIамо адамашца деш шена гинарг а дуьйцура цо цу йозанехь.
ТIаьхьарчу 18 шарахь Белгехь вехаш вара яздархо. Маршо Радион информацица, Яшуркаев Нохчийчохь дIавуллур волуш ву.