Кадыровн вешин кIантана "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" мидал йелла
Билггал стенна йелла йу цунна иза, дуьйцуш дац – кехатехь йаздинарг ду "шен балха тIехь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь даггара къахьегарна а" – и совгIат кхочуш болчу иттанаш наханна йаздо и дешнаш.
Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Дакъа лацарна" олу мидал йелла. "Къоман гвардина тIедехкина декхарш кхочушдарехь билгалбевллачарна" луш йу иза. Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочо, инарла-майор волчу Делимханов Шарипа "дика гIоьнча санна гайтина" Кадыровс ша, элира.
Кадыров Хьамзат Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча-гIоьнча хIоьттира кху шеран охан-баттахь. Чиллин-беттан йуьххьехь Кадыров Хьамзат вице-премьеран дарже хIоттийна, ву иза Нохчийчоьнан бахамийн, латтанийн гIуллакхийн министр a. 2021-чу шеран марсхьокху-баттал хьалха иза вара Нохчийчоьнан культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраллин куьйгалхо. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан чакхенгахь Кадыровc вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо санна вовзуьйтура.
Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтарара хьафизийн школа. ТIаьхьо цо дийшира Нохчийн университетерчу пачхьалкхан куьйгаллин факультетехь.
Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.
Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Со тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.
2018-чу шарахь "Би-би-си" гIирсан оьрсийн сервисо дагардарца, Нохчийчуьра 158 лакхарчу хьаькамех 30% - Кадыровн гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн 22 шо долчу йоIах Нохчийчоьнан культурин министр хилира.