Добавить новость
World News





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш (3-гIа дакъа)

Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь".


"Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо.


 




Алиев Хьамзат, 65 шо, травматолог-ортопед, Гуьмсерчу коьрта дарбан хIусаман травматологин а, ортопедин а декъан куьйгалхо.

 




"Доккхачу халахетарца хаам бо 65 шо кхаьчна Гуьмсерчу коьрта дарбан хIусаман травматологин а, ортопедин а декъан куьйгалхо, Нохчийчоьнан Лараме Лор, Оьрсийчоьнан могашалла Iалашъярехь тоьлла белхахо, лаккхара корматалла йолу говзанча Алиев Хьамзат цIеххьана кхалхарх лаьцна" – аьлла бара шайн накъостах Гуьмсерчу лоьраша социалан машанехь бина кадам.


Амма кхиина Алиев кеп-кепарчу чолхенан 40 000 сов операци ян. Иштачех цхьа операци дагалоьцу Хьамзатан цIийннанас:


- Цхьана дийнахь суна цкъа а гина воцу хьаша веара тхоьга. Ас хаьттира, мила ву хьо. Жоп делира цо, охьа а хьожуш, Хьамзат бахьанехь дийна бисина шен ши ког. «Со тIе мел вахначу лоьро, эрна ду дарба лело, дIабаха беза когаш, олура», дуьйцура цо. ТIаьххьара а Хьамзат волчу вахана иза, цо дегайовхо елла, собардер вай, хьовсур дарбадан, аьлла. Эццахь тIевоьллачу сан майрачо денбина ши ког, заьIап вуьсучуьра кIелхьарваьккхина и стаг.


Боккхачу доьзалехь цхьаъ бен воцу бархI йишин ваша хилла Алиев Хьамзат. Шен дара цуьнан 6 бер: кхо йоI а, кхо кIант а, царех схьаваьлла 16 доьзалхо а. Береш шиъ ву тахана, да санна, лор. Стигалкъекъа-беттан 11-чохь велира Хьамзат. Цуьнан цIе тиллина Гуьмсерчу коьртачу дарбан цIенна.


Тоьлла адам Хизир



Муцуров Хизир, 63 шо, Нохчийчоьнан могашаллин министраллин коьрта хирург, къинхьегаман ветеран, могашалла Iалашъяран Лараме белхахо, медицинан Iилманийн кандидат, Оьрсийчоьнан Лараме Лор.


Лор а, хьехархо а Дала къастош ву, олу халкъалахь. Шен ьIаьххьара денош тIехIитталц лоьран гIаролехь лаьттира Муцуров Хизар. Шен хаарш дIалуш вехира медикашна, пе а ца тухура воронавирус къиза хьийзачу «цIечу зонех» а.




"Цунна могIара ниIматаш дара оьздангалла, догцIеналла, къинхетам , велавелла, векхавелла хилар, могIараниг дара цомгушчуьнца бераца санна экаме хьовзар", – элира Муцуровца болхбинчара.


Цхьана могIарчу вахархочо иштта яздира цунах лаьцна социалан машанехь:

"Со даима а баркаллаш бохуш ваха декхаре ву Хизарна хьалха. Сан нана лийр ю кестта, аьллера соьга, ткъа цуьнан гIоьнца ехира иза кхин а цхьана шарахь эха шарахь".




"Иза тоьллачаралахь а тоьлла накъост вара. Дашо адам дара иза, вуно тешаме доттагI а вара. Хирургин классик вара. Боккха эшам хилла къоманна. Оьрсийчуьрчу хирургийн юкъаралло доггах кадам бо, шен лору и бохам. Дала ялсамане кхачавойла хьо, сан доттагI! – яздира цхьана лоьро.


"Иза говза педагог вара, дешар говза дIахIоттийнера, тоьлла адам дара Хизри Сайдиевич. Вуно гIиллакхе, тхо кегий дара аьлла, цавашар дацара аьттехьа а, безаме стаг, хьехархо вара, тхуна, студенташна, дерриг а хаийта гIерташ къахьоьгура, тхох бакъдолу лоьраш дан гIиртира", - бохура цуьнан дешархоша.


Беран хенахь безабеллера Хизарна лоьран болх. Астраханехь медицинан институт чекхъяьккхира цо, оцу хенахь дуьйна вара балхана чувоьлла вехаш.


Шен цIахь хIусамнана цомгуш йоллушехь, доьзалерчу зудаберашца цхьаьна къахьоьгура цо «цIечу зонехь», ун кхеттачу махкахошна дарба лелош. Амма ца ларвелира ша.


Муцуров Хизир баттахь гергга Iиллира Соьлжа-ГIаларчу №9 дарбан цIийнехь. Кхелхира 63-гIа шо а долуш. Докторан диссертаци дара цуьнан кечдина, кестта Iилманехь соввала болчу ларамца, амма ца кхиира. Хизиран зуда а, кхо йоI а ю лоьраш.




Цкъа студенташца даггара къамел дина хиллера цо – и къамел весет санна дагалоьцу кегийнаха. "Шу студенташ ду, хаа деза шуна медицина гIалатвала бакъо йоцу дахар дуйла. Дарбадан адамна хьаьгна воцчух, хаарш дебо лууш воцчух лор ца хуьлу. Коьрто дика дIалоцуш хилар а ду кIезиг, Дала чу суй биллина хила веза лор. Шун декхар ду дешарна саьхьара хилар, дика лор хилча бен дика адам лоруш боцу некъ бу аш хаьржинарг", - элира хьехархочо шайга, бохуш дагалоьцу Муцуров студенташа.


Ийна, мерза Заур



Киндаров Заур, 57 шо, лор, педагог, медицинан Iилманийн доктор, Нохчийчн пачхьалкхан университетан хьалхара проректор


Гоьбевлла бевзачу лоьрех КиндаровгIарех, Нохчийчохь могашалла Iалашъяр когахIоттош дехха, хьанал, къоман дагчу а воьжна къахьегначу Киндаров Баронан воI вара Заур.




"Нохчийчоьнан Лараме Лор" цIе лелорал совнах, ша массо а дахаран некъаш тIехь жигара хьийзаш хиларе терра, "Соьлжа-ГIалин Лараме вахархо" а вара иза.


Жима волуш дуьйна бара цунна гуш шен дахаран некъ – ден лорах вахар. Цхьана интервьюхь дийцира цо, шена безам хета ден кIайн халатах, хазахета цунах йогIу молханийн хьожа, шена тов иза наха вазвеш, воккахве иза массо а агIор хьекъал, собаре, нахана даима а гIодан лууш хиларх, аьлла.




– Оцу доллучо а дегахьа латтадора сан са, хила лаьара иза санна. Со жима волуш, цхьаъ лазийча, охьакхетча, соьга кхойкхура гIодан, чов ехка. ХIинца хаьа суна, суна мел девзинарг, хиинарг тхан дас делла суна. Цо вина сох Iилманан доктор а, - олура Заура.


Киндаров вина де долуш, 2020-чу шеран 14-чохь, цуьнан доттагIчо Гарсин Макса Фейсбукехь довзийтира цхьа зама хьалха Заур ша даьккхина хьалхара алапа а дохьуш, балхара цIавеъча хIоьттина хилла сурт.


"Дукха а хан хьалха нисделла иза. ХIетахь иза лекха, хьийзина месах йолуш вара. Баттахь болх а бина, алапа а хьош, цIакхаьчча – мединститут яьккхина беттанаш бу уьш, Туча, цуьнан нана, голайоьдуш санна, лахъелла цунна хьалха: «Вайн эла цIакхаьчна!», аьлла. Оцу хенахь дуьйна цунах «Эла» олура ас. Кураллах хьаса цуьнца бацахь а. Оццул самукъне, ийна стаг хир вацара ша тхан Заур вацахь!" – дагалоьцу доттагIчо.




Ша оццул лакхарчу даржашка кхаьчннашехь, ийна, мерза, массаьрца могIархо а хуьлий хьавзаш стаг вара Заур – иштта вуьйцу иза массара а.


ГIура-беттан 17-чохь кхелхира Киндаров. Уьно вийра уьнах вуно дукха нах кIелхьарабаьхна лор.


Ден лорах дIабоьлхуш ду цуьнан бераш: Ислам Москвахь ординатура йоккхуш ву, стоматолог ю йоI Далика. Жимахйолу Малика цкъачунна школехь доьшуш ю – иза а хир ю КиндаровгIарех йолу лор, цуьнан шеко а яц.


 

Загрузка...

Загрузка...

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net