Оьрсийчуьрчу кхиазхочо бехк цабиллар дехна Кадыровга
"Миллионашкахь нохчий лам санна тIехIиттина стаг айхьа аьшнаш вале хьалха, Глазунов Максим, ойла стенна ца йира ахь", - яздина видео йовзуьйтуш.
Ша кхиазхочо видео тIехь дийцарехь, карарчу беттан 12-чохь "Iаламат сийзазе, боьха, маьттаза ролик" зорбане яьккхинера цо, и дарна юьхьIаьржа а ву иза.
"Оцу видеороликца айса сийсазвинчу хьоьга а, Рамзан Ахматович, масаьрга а сайна къинтIера довлар доьху ас. Сайн даггара доьху ас гечдар, чIагIо йо ас, оцу тайпаниг сайгара кхин цкъа а ца далийта", - боху Глазуновс.
Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.
Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина.
Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.
Мангал-баттахь ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо къинтIера валар дийхира шена Нохчийчоьнан кьйгалхочуьнга. Бахьана дара - цо Iедалхо сийсазвеш дийцинарг.
Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.