Тарамова лачкъийна йигарх лаьцна Нохчийчу хеттарш дахьийтина Москвано
"Селхана кехат дахьийтина ас Нохчийчоьнан прокуроре, хиллачух лаций билггал дерг а, нагахь санна, дуьйцург бакъ делахь, махкахь деш долчух а хаам бе аьлла", - дIахьедина Москальковас журналисташка.
Нохчийн полисхоша Дагестанерчу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамна динчу тIелатарна федералан Iедалхоша йина дуьххьара реакци ю хIара.
"Иза тхан хаттар дац", - аьлла, дIахьедира кху деношкахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза.
ЦIера ядале хьалха видео дIаязйинера Тарамовас, ша лехамашка ма ло аьлла. Делахь а, ша Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа цо дIахьедира, хIусамехь цхьаммо а хьийзош яц ша аьлла.
Оцу юкъанна, республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада хиллачунна бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.
Дахначу шинарин дийнахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьне схьадехна Тарамова Хьалимат лачкъйина йигарх документаш.