Стенна къайлаяьхьна КадыровгIара Москвара шайн пентхаусаш? Даржаш охьадахкийта тарло цаьрга
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш.
Кадыровн йоккхахйолчу йишин Кадырова Зарганан ю 2004-чу шарахь дуьйна оцу комплексера 131,7 квадрат-метр йолу петар. Мехкан куьйгалхочун гIовсан дарже ялийна хиларе терра, иза декхаре яра шен ара-чу ца баккхалун бахам деклараци язбан. Бакъду, Зарганан деклараци йиллинчу сайташкахь кара ца йина журналисташна.
Зарганан хIусамда, Нохчийчуьрчу зIенан а, транспортан а министр волу Черхигов Рамзан декхаре вара шен долара а, шен хIусамненан цIартехь болчу а бахамах хаамаш бан. Амма, 2012-чу шарерар 2019-чу шаре кхаччалц зорбане яьхначу декларацешкахь Черхиговс ца хьахийна "Соколиное гнездо" олучу, езачу меттигера шен зудчун петар.
2011-чу шеран Лахьан-баттера схьа дуьйна оцу меттехь петар ю Черхигова Зарема Рамзановнин а.
Кадыровн гIуллакхаш лелочу урхаллан куьйгалхочун гIовс ю аьлла, язйинчу Кадырова Зулайн пентхаус ю "Соколиное гнездо" комплексехь 2005-чу шарера схьа дуьйна 167,7 квадрат-метар.
Ара-чу ца баккхалун бахам бухкучу агенталлийн хаамашца, тахана цуьнан петаран мах бу 60 миллион сом.
Парламентан спикеран хьалхара гIовс волчу Закриев Салмана, Зулайн хIусамдас, 2018-чу шарахь ша Iораяьккхинчу шен декларацехь язйина шен цIийненан долара пентхаус. Ткъа, "Собеседнико" яздарехь, 2005-чу шарахь дуьйна ю и петар Зулайн долахь.
2011-чу шеран Охан-баттахь Кадырова Зулайс кхин а цхьа хIусам ийцира "Соколиное гнездо" олучу меттигехь 88, 4 квадрат-метар йолуш. Амма, эцна ши бутт баьллачу хенахь шен марвешин кIентан Закриев Мохьмадан цIартIе яьккхира цо иза. Мохьмадан да Закриев Сахьаб - Гуьмса кIоштан префект ву.
Закриев Салманан а, Кадырова Зулайн а 30 шо долчу кIентан Якъубан (ИбрахIиман), вице-премьеран а ю цигахь петар.
Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочун, Кадыров Рамзанан шичин Ибрагимов Турпал-Iелин а ю Москварчу комплексехь 124,4 квадратан метар хIусам. Шен декларацешкахь цкъа а ца хьахийна цо иза.
Лакхахь язбинчу наха ца лерина "Коррупцина дуьхьало латтон" Федералан низам а, кхин а масех нормативан акт а аьлла, кхетийна Оьрсийчуьрчу Transparency International-н антикоррупцин центран "Декларатор" проектан куьйгалхочо Жвирблис Андрейс. Тешам барна, уьш балхара дIабаха тарло аьлла цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш.
Юьйцург ю Веерная, 2 цIа чуьра 153,6 квадрат-метр йолу №30 петар. Мах бу цуьнан 50 миллион гергга.
1997-чу шарахь "Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин" хIусамаш ечу хьукмато (Управление по эксплуатации жилого фонда "Управления делами президента") дина и цIа. 2000-чу шарахь оцу чохь петар елла таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадна. Цо 2002-чу шарахь шен долаяьккхина и петар. 1/8 дакъош кхаьчна хIетахь оцу чохь цуьнан зудчунна Айманина, шина йоIанна Зарганна а, Зулайна а, кIантанна Рамзанна а, цуьнан зудчунна Меднина а, йоIаршна Iайшатна а, Каринина а.
2004-чу шарахь да веллачул тIаьхьа, шен дакъа 2010-гIа шо тIекхаччалц долахь кхаьбна Кадыров Рамзана, ца гайтина и бахам шен хьолан декларацехь. 2010-чу шарахь массо а доьзалхоша шайн дакъош, хуйцу барт а беш, дIаделла Кадырова Айманина.