ТIедогIучу кхаа шерачохь Нохчийчохь кхин а 70 школа ян тIелаьцна
Регионехь демографи кхуьуш хиларна, школашкара проблемаш ерзон ницкъ ца тоьъна шайн, боху министрааллан векалша.
"Кху тIаьхьарчу шерашкахь иттаннашкахь доьшийлаш йиллинашехь, кхин а тIе школаш а, дешаран корпусаш а ю хьалаеш. Махкарчу 15 кIоштахь дешархошна тоьаш бац меттигаш", - дийцина меттигерчу хаамийн гIирсашна министраллан говзанчаша.
Карарчу шарахь керла 21 школа йина ялийта лерина бу Соьлж-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Устрадехь а, Хьалха-Мартанахь а, Ойсхарахь а, иштта кхин а ярташкахь а.
ТАСС агенталле министралло хаамбарехь, регионерчу 80 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду.