Нохчийчуьрчу 629 вахархочунна маха тоьхна коронавирусана дуьхьал
"Вакцинацех чекхбевллачарех цхьа а ца велла, я церан могушаллина хилла зен а дац", - аьлла ду инстаграмерчу официалан аккаунтехь министралло бинчу хаамехь.
"Мехий тоьхначул тIаьхьа дикачу хьолехь бу берриш а. ДегIана зене дерза тарло маха тохар, бохуш даьржина хабарш харц ду", - аьлла, хаам бина Нохчийчуьрчу коьртачу эпидемиолога Муртазалиева Асията.
REGNUM агенталло яздора, Нохчийчохь коронавирусана дуьхьал мехий детта 14 пункт схьаелларх лаьцна – хIора муниципалан кIоштахь а, Соьлж-ГIаларчу пхеа поликлиникехь а.