Магасерчу протестийн декъашхо Ведзижев Юнус велла иккхинчу машенчохь
Наьсарахь пIераскан суьйранна герзаш кхийсина, агенталло яздарехь. Оцу юкъахь иккхина машен а. Полисхоша хаамбора, масех гIаттамхочух лаьтта тоба юкъаерзийна шаьш аьлла.
"ВАЗ-21 машенан урхалла деш хилла цхьа тIемало вийра Наьсарарчу Наьсар-Кортахь йоьдучу леринчу операцехь. 18-зза тIекIелдинчу цIеношна гергахь хIинца а дIайоьдуш ю операци", - аьллачу полисхочун дешнаш далийна "Интерфаксо" а.
Ницкъахойн информацица, герз лелош ву аьлла, лоьхуш хилла Ведзижев Юнус ву иккхинчу машен чохь велларг. Хаам барехь, Наьсарарчу 18-зза тIекIелдинчу цIа чуьрчу цхьана петарехь вехаш вара иза.
Ведзижев валар тIечIагIдина иштта ФортангаORG Telegram-канало а.
"Кавказский узел" агенталло хаамбора, Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно латтанаш хийцарна дуьхьал хIиттийначу протестийн декъашхо хилла хиларх Ведзижев. Кху шеран Чиллан-баттахь полисхой цуьнан цIийнах а хьоьвсинера. Ша лаца гIоьртича вада аьтто баьллера цуьнан хIетахь.