BFM TV канало цIе яьккхина Парижехь хьехархо вийначун
ПIераскан дийнахь хиллачу зуламца доьзна лаьцна полисхоша исс стаг, шайлахь Анзоровн да-нана а, ваша а цхьана. Полицехь бинчу хаамца, зуламхо радикалан исламца воьзна ца хилла.
Хаамашкахь дийца даьккхира, пIераскан сарахь Парижана чувуллучуьра Конфлан-Сен-Оноринера колледжан хьехархочун верах. Францхойн хаамийн гIирсаша яздарехь, пIераскан дийнахь урс даьккхина тIелеттачо корта баьккхина хилла хьехархочун. Полисхоша вийна иза лоцучу хенахь.
Францин зорбанаша бечу хаамашца, дешархошца дешан маршо йийцаре ечу заманчохь, масала далош цо гайтина хиллера берашна францхойн зорбанашкахь яржийна Мохьаммад пайхамарна ехкина хилла карикатураш. Шен твиттерехь динчу зуламах жоьпалла шена тIе а лаьцна, вийначун сурт зорбане даьккхина хилла зуламхочо. ТIелеттачун твиттерара аккаунт дIаяьккхина.
Le MoФранцин полицино теракт санна толлур долуш долу хилларх.