Кадыровн цIарах мидалш еш 4,5 миллион сом дойур ду Нохчийчоьнан Iедало
Цунах лаьцна хаам бо "МБХ медиа" зорбан гIирсо, Оьрсийчохь Iедалан цIарх цхьацца сурсташ оьцучу порталана тIе а тевжаш. Цу хаамца, "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин безамна" 10 мидал йийр ю 750 проба йолчу дешех. Уьш кечйина хир ю 54 изумрудца, 18 бриллиантца а, 36 рубинца а.
10 орден а йийр ю оццу дешех. Орденан йозалла хир ю 58 грамм.