Шамсутдинов экспертизех чекхваккха Москва хьажош ву
Дас дийцарца, пIераскандийнахь Рамилца цхьанакхетар волуш ву цуьнан ваша Риян. Цул тIаьхьа доьзал шаьш дехачу Вагай юхабоьрзур бу.
Эскархой байарна бехкзуламан гIуллакх а долийна, талламаш бу дIахьош. Шамсутдиновн адвокаташ хIиттина Нохчийчуьра Чапанов Сайд-Мохьмад а, ГIезалойчуьра Тугушев Равиль а.
Байначу беттан 25-чохь хилла ду дуьйцу зулам. Эскархошна герз диттина Шамсутдинов Рамила. БархI стаг вийна цо, шинна чевнаш йина. Чов йина Аромашевера Графов Евгений чолхечу хьолехь ву. Шена тIехь ницкъбора цара, юкъаметтигаш ийгIина яра шайн, ишта ша хьийзор ву аьлла, кхерамаш тийсинера шена аьлла, кхетийна хиллачух Шамсутдиновс.