"ГIалгIайн тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар тIедожийна юридикан министралло
Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан юридикан министралло гIалгIайн тайпанин Кхеташонан болх юкъахбаьккхира. Организацин векалш тешна бу, Халкъан гуламан депутаташка гIалгIайн латтанийн дакъа кхечу Оьрсийчоьнан субъекташна дIа ма ло аьлла, бинчу кхайкхамца доьзна ду аьлла.