ГIалгIайн студенташ чохь буьтуш сацамбина Мисарарчу кхело
Стохка аьхка Мисарахь дIалецира гIалгIайн пхи студент. Виъ набахтехь хилар къаьстина, пхоьалгIачун Дугиев Хизиран кхолламах информаци яц хIинца а.
Шаьш маьршадахар тIе а дожош, цара кхайкхийначу мацалло а пайда ца беана аьлла, дийцина лаьцначух цхьаннан хIусамнанас Пугоева Хадишата "Кавказский узел" агенталле.
Цо бахарехь, кхи а 15 денна уьш чохь буьтуш хан дIаяхйина церна. Гергарчаран бакъо ца елла кхелан процессехь хила а.