Аэропортийн цIераш хуьйцучу омрана куьйгъяздина Путин Владимира
Москварчу Шереметьево аэропорто Пушкин Александран цIе лелор ю, Калининградскерчу Храброво аэропорт паччахьан Елизавета Хьалхарчун цIарах хир ю. Николай ШолгIачун цIе лелор ю Мурманскерчу аэропорто. Пулковон аэропортан цIе хийцанза юьсу.
Стохка ГIуран-баттахь кхаьжнаш тесира аэропорташна керла цIераш хоржуш. ХIетахь скандал иккхира Калининградан кIоштахь. Конкурсехь лидершлахь вара Кант Иммануил, амма цуьнан хIолламна тIе басар Iанийнера, ткъа депутато-единоросо дIахьедира, Кантан цIе аэропортна тилларо Сийлахьчу Даймехкан тIеман ветеранаш сийсазбо аьлла.