ФСБ-но шен тидам тIебахийтина Магасера митинг латтийначу юкъараллашна
Iедалан кхерамазалла ларйечу органан тидам тIебаханчу юкъараллашна а, вовшахтохараллашна а юкъахь ю "Тешам" цIе йолу гIо-накъосталлин фонд а, "Оьрсийчоьнан ЦIен ЖаIаран" республикера дакъа а, "Машр" олу бакъонашларъярхойн юкъаралла а, "Яблоко" политикан партин ГIалгIайчуьра дакъа а, "ГIалгIайн къоман тайпийн кхеташо" олу болам а, "ГIалгIайчоьнан кегийрхойн лига" олу юкъаралла а, кхиерш а.