ГIалгIайн полисхо кхаъ эцарна бехкево
Ахча схьаэцначул тIаьхьа дIалаьцнера полисхо. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талламаш болийна, цул тIаьхьа балхара вохор волуш ву бехкевийриг аьлла, яздина ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь.
Бехк тIаьхь биссахь, 6 шо гергга набахтехь яккха хан кхачор ю полисхочунна.