Шина муфтиято чIирхошна юкъахь маслаIатдарх дийцина
Хетиевс билгалдаккхарца, Нохчийчохь кхоьллинчу маслаIатан тобан коьрта Iалашо ю мостагIалла юкъадеанчу шина а агIонна, уьш берта бахийта хьелаш кхоллар.
Нохчийчохь боьхна доьзалш юха вовшахтухуш маслаIатан комисси а ю кхоьллина, мехкан куьйгалхочун а, динан урхаллан а тIедилларца.
Бакъду, дукхамма олург цхьаъ дара, диц ца даллал доккха бахьана юкъа а деана, къаьстинчу шина адаме хоттуш хIума а доцуш, уьш вовшахбеттар - тIехь ницкъбар ду аьлла.