Бастрыкина Инстаграм дIакъовла еза аьлла
"Yandex, Google компанийн метта Туркойчохь берашна лерина юкъаяьккхина шайн информацин система ю. Ткъа вайга Инстаграм а дIа ца къовлало. Инстаграмна блок тоха езара, хIунда аьлча, стохка Петарбухахь оцу машанех пайда а оьцуш дира теракт", - яьлла Талламан комитетан куьйгалхочо.
Хьалхо Талламан комитето дIакхайкхийнера, Петарбухахь теракт кечдечу заманчохь зуламхоша Телеграман мессенджерх пайдаэцарх. Инстаграм хIетахь хьахош-юьйцуш яцара. Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, кхело дIакъевлина ю Телеграм.
ХIетте а дукхахболчара тоьхначу блокна кеп-кепарчу схемашца кIелхьара а буьйлуш, пайдаоьцу мессенджерх.