Титиевга бехк кховдийна наркотикаш латторна
Дуьненаюькъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла. Царна юкъахь ю "Международная федерация за права человека" а, "Норвегера Хелсинкин комитет" а, Human Rights Watch а, Front Line Defenders а, Amnesty International а.